ИБНУ ТАЙМИЙЙАС ХЬУДЖАТ (НИЙСОН ТОЬШАЛЛА) ДIАКХАЧИЙНА БЕН ЦХЬАННЕ ТАКФИР ДАН (КЕРИСТА ЛАРАН) БАКЪО ЯЦ АЬЛЛА БОХУЧУ КХЕТАМНА ЖОП:

ИБНУ ТАЙМИЙЙАС ХЬУДЖАТ (НИЙСОН ТОЬШАЛЛА) ДIАКХАЧИЙНА БЕН ЦХЬАННЕ ТАКФИР ДАН (КЕРИСТА ЛАРАН) БАКЪО ЯЦ АЬЛЛА БОХУЧУ КХЕТАМНА ЖОП:

Суннатан Охlла

Iилмана некъахула нийсо лоьхуш верг Къуръан а, Суннат а хьалха даккха дезаш ву, ишиъ доцчу кхидолчу муьлха а хIуманал. Цуьнан тоьшаллаш дийцан хьашто йоцуш дуккха а ду Къуръан чохь а, Суннатехь а. Цул сов, цхьаммо иштта дац эра доцуш хIума ду иза. Ткъа цхьаболчу мутIелимшан доккха гIалат ду, и санна долчу хеттаршкахь Къуръанал а, Суннатал а хьалха Iелимнехан кхетмаш хIиттадар. Шина мутIелима доккхачу ширканехь цахаарца бехказло хилар а, цахилар а дуьцучехь царшина къамеле ахь ладоьгIча хьан ойла кхоллало, царна гергахь Ибну Таймиййан а, Мухьаммад бин Iабдул-ВаххIабан а кхетам, Къуръанал а, Суннатал а коьрта болуш санна. Царшим эра дац иза иштта ду, делахь царшима Къуръанал а, Суннатал а дукха Iелимнехан дешнаш дуьцуш хиларо, йа цу хаттаран хьокъехь царшина Къуръан аяташ а, хьадийсаш а, цу Iелимнехан дешнаш санна девзуш цахиларо гойту хьуна иза иштта хилар. Ибну Таймиййан къамел даладо цуо, цуьнан жайнан цIе а йоккхуш, цул сов лоьмар олуш. Ткъа ахь Къуръан аят далийча, цунна и гина а цахуьлу. Уьззуг ду, АллахIан сифаташ дуьцучехь дукхах болчу мутIелимаш Ибну Таймиййан а, АшIарий Iелимнехан а къамелаш дуьхь-дуьхьула хIитторехь дийриг. Къуръан чохь а, Суннатехь а цу шина хаттаран хьокъехь къегина нийсо йоллушехь. Боккха бала а, йоккха цамгар а ю иза мутIелимашна юкъахь!


Ткъа мутIелим воцург хьере во цара, цу Iелимнехан дешнашца. Цхьам оцу Iелимстага хIара бах олий, шен агIо толош цуьнан жайни чура могIа боьшу. Иштта, вукхо а боьшу оццу Iелимстеган жайни чура шен агIо толош болу могIа. Ткъа цу хIуманна бахьан вайн тIедогIучу къамелехь билгал дер ду хьуна. ЛалугIучун сацам цушим вуьцучу Iелимстеган къамел мичахь соцуш ду хьежжина хуьлу. Ибну Таймиййас ца еллехь, бехказло яц, йа цо еллехь иза ю аьлла хеташ. Доккха гIалат а, боккха бала а бу иза вай нахана юкъахь!


Цкъа хьалха Ибну Таймиййас хьуджат (нийсон тоьшалла) дIакхачийна бен цхьанне такфир дан (кериста ларан) бакъо яц аьлла бохучу кхетамна кхоччуш жопделла, цултIехьа Къуръано а, Суннато а цу хаттаран хьокъехь хIун бах дуьцуш, кхета атта долуш, тарлучу барамехь доцца хьахор ду вай.


Хьан хаттарехь хьахийна кхетам шайн болчара Ибну Таймиййан дешнех далочух цхьадерг кху тайпа ду:


Ибну Таймиййас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: "Керстаналлин дош мел аьллаг муьлха хьолехь кериста хуьлуш вац, цунна хьуджат хIоттадаллалц, цо дийриг керстналла хиларехь. Амма цунна хьуджат дIахоттича, тIаккха кериста хуьлш ву и." [мажмуIул-фатава]


Иштта дуккха а ду Ибну Таймиййан дешнаш, хьуджат хIоттийна бен адман керстналлица хьукма деш цахилар дуьцуш.


Iелимнаха Ибну Таймиййан дерриг жайнеш а, цуьнан дерриг дешнаш а девзуш, царах нахалахь уггаре дика кхеташ бу олучу наждийн Iелимнахах волчу Шайх IабдуллатIийф бин Iабдуррохьмана (АллахIа къинхетам бойла цунах) Ибну Таймиййас муьлха а ширк динчунна хьуджат хIоттийна бен такфир деш дац бохучарна жоп луш бах:


"Шайхул-Ислам Ибну Таймиййан къамелах кхетар ву И (Ибну Таймиййа) вевзуш верг, Цуьнан дешнаш Iамийнарг, Цунан усулаш (баххаш) девзуш верг. Цо билгал дина, АллахIах кхоьруш, доггух нийсо лоьхуш волчунна цхьа долчу хIумангахь цкъацкъа и галвелча цунна гечдеш хилар. Ткъа мичахь ду кешнашна Iибадат дечера, беллачу нахе а, генахь болчарга (тIекхочучехь боцчарга) а кхойкхучеран нийсо лоьхуш къа хьегар?! церан АллахIах кхерар а?!" [фатава ал-аъимма ан-наждиййа]


Тидам бан безаш меттиг ю хIара. Вай хьахинчу Ибну Таймиййан дешнашха тасбеллачара дийриг ду иза, шайна цхьа могIа гича, и могIа бен кхин хIумма дан дац моьттуш, даиман и цхьа могIа бийцар. Амма цух уьш нийса кхетна а ца хуьлу, йа царна и боцург кхин могIа гина а ца хуьлу. Амма IабдуллатIифас ма-аллара, Ибну Таймиййан дешнашха кхетар ву, цу Ибн Таймиййан манхIаж (некъ) бевзуш верг.


Цунна масала: Ибну Таймиййас аьлла: "Такфир дар вонца йинчу чIагIонах ду, нагахьсан цхьама дош аьллехь, Элчан (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) дош харцдеш, амма цхьаверг керла дине веъна хуьлу, йа ислам дин лелочу меттиган (бусулба нахана) генахь кхиъна хуьла, и санначун такфир деш дац, цунна хьуджат хIоттадаллалац." [мажмуIул-фатава]


Кхузахь Ибну Таймиййас билгалдо, хьадийс харц даре терра долчу керстналлехь хьуджат хIоттодезаш долу ши тайпа. Хьалхарниг; керла диневеънарг ву, шологIниг; бусулба нахана генахь кхиънарг ву.


Вайн къамелан юьхьенца Ибну Таймиййас аьлла долу дешнаш "хьуджат хIоттийна бен такфир дешдац" аьлла долу, хIокху шина тайпан хьокъехь аьлла хилар билгалдолу вайн. Ткъа иштта и цахилча, цо хIара ши тайпа хьуджат хIотторехь схьакъасторан цхьаа маьIна хир дацар. Къестина цу шина тайпан хьуджат хIоттадаллалц такфир дийр дац аларо гойту, и ши тайп доцчунна хьуджат хIоттадар бехкам боций, кхин дика кхеташ аьлча, и ши тайпа доцуш, бисинчарна хьуджат дIахIоьттина хилар. Ибну Таймиййас и вайн къамелан юьхьенц аьлла долу дешнаш массо адмийн хьокъехь аьлла хилча, тIаккха хIара ши тайпа цо схьа къастадаран хIун пайда хуьлу?! Цхьаа маьIна а, цхьаа пайда а цахуьлу, ойла е цунна.


Цуьнан масал: АллахIа Къуран чохь Ша Iаршал лакхавелла бах, сурат тIохIа чохь, 5-чу аятехь. Иштта, кхечу аятехь Шен юьхь ю, Шен ши куьг ду бах. Амма деккъа и аятш бе гина воцучо ала тарло "Вайн евзуш йолу юьхь юкх и, йа Iарш тIехул вукх И, со хIокху гIантан тIехь ма-хиллар". Амма цунна гина дац сурат шура чура, 11-гIа аят, цун ца хаъ АллахIа аьлла хилар "Цух (АллахIах) тера хIумма а дац". Амма цун и аят гина цахилча, вукха аятах нийса кхетар вац иза. АллахIан масала кхин а лакхар ду. Деккъа тIохIа чура аяташ гинчо АллахI халкъах таравир ву, ткъа деккъа шура чура аяташ гинчо АллахIа Шен хьокъехь аьллачун инкарло йийр ю. Ткъа иза а, важа а гинарг АллахIан сифаташ хьокъехь нийса кхетам болуш хир ву.


Иштта, хIоруш а таро еш бу оцу хьолан, цара жайнеш шайн харшчура ца дешар бахьан долуш, уьш сиха балар бахьан долуш, Ибну Таймиййас аьлла аьл шайна цхьа могIа гича, сихло уьш, цо и хIунда бах, хьена хьокъехь бах ца хьовсуш. Амма шеш и къамел нахан юккъахь диначултIехьа, ахь шайн нийсо гайтича а, АллахIа шен дог цIандинаг воцург царах юха а ца волу, ша динчу харц къамелах ша юха велча эхь ду моьттуш. Иза куралла ю. Ма дукха масалш ду, куралла бахьан долуш адмо харцо йийцина, цултIехьа АллахIа цун Iазап луш и харцо цун бакъ тара йой, цу харцон тIехь и дIавоьдуш. АллахIа лардойла вай цу Iазапах.


Масалан, Ибну Iусаймин бехказло яларца гIарвелла ву. Цуьнан дуккха а къамелаш ду, хьуджат хIоттийна бен такфир дийр дац бохуш. Ткъа шен цхьана къамелехь олу цуо: «Масалан бусулба нахан юкъахь вехаш волчу стага ламаз дитича, цунна шенна (муIаййан/личный) такфир дийр дац, цунна хьуджат хIоттадаллалц эра дуй вай?, эра дац дерам, хьуджат хIоттийна дацахь а такфир дийр ду вай ламаз дитинчу стаган, хIунда аьлча, бусулба нахан юкъахь вехаш ву иза, цунна цахаъ йиш яц ламаз фард хилар». Цахаарна бехказло луш ма вуй Iусаймин, амма бусулба нахан юкъахь вехаш валахь цало цо бехказло. ХIунда аьлча, цу хьолехь цахаар шен бехка бу цуьнан бах цо.


Уьззуг ду Ибну Таймиййас бохург а. Бусулба нахан юкъахь вехаш волчу стага доккха ширк дича, цунна бехказло ю аьлла цхьаа тоьшалла дац Къуръан чохь а, йа Суннатехь а. Бакъдолуш, цахаарца бехказло луш бу аьлла гIарбевлачу Iелимнаха а цало оцу хьолехь бехказло. 


Цу нехан уггаре доккха гIалат, такфиран Iилманехь харцо юьцуш яздина жайнеш бен цара цадешар ду. Ткъа цу жайнеш чохь хуьлу, вай лакхахь масал далоре терра, хедийна могIнаш а, яккхи цIерш а. Цхьа йоккха "Шайх Хьенех" оли цIе йоккхи, цо аьлла олу. Ткъа и цIе ерг мила ву хьо хьежча, шел хьалха дIабаханчарах цхьаммо дийцина доцург дуьцуш вайн заманар цхьа стаг хуьлу и, СултIан Iумайрий санна, Ахьмад Фарийд санна, ишиъ воцург а. Салафийн жайнеш дешнарг, цу некъац Iилма Iамийнарг кхетар ву, цу нехан жайнеш дешча, уьш муржииташ хилар, цара ийман дуьцучехь хIитточу бехкамашна, царал хьалха цхьана Iелимнаха хIиттийна боцу.


Кхузахь вайна билгалдолу, Ибну Таймиййан гергахь хьуджат хIоттийна бен цхьанне хьолехь такфир дан бакъо яц боху кхетам нийса ца хилар ду. Ткъа жоьпан юьхьенца вай далийна церан кхетамехь долу дешнаш, Ибну Таймиййас хьан-хьанна а хьуджат хIотто еза аьлча санна кхеташ дара, делахь а IабдуллатIифс ма-аллар, Ибну Таймиййан дешнех кхетар ву, цунна шадолу дешнаш девзуш верг. ТIаккха кхечу къамелехь Ибну Таймиййан дешнаш гира вайн, цо ша аьллачух кхетош, хьуджат хIоттодезаш къестина цхьа нах хилар, керла дине бехкинчарга терра, иштта, бусулба нахана генахь кхиинчарга терра.


Кхузахь довзар коьрта ду: Хьуджат хIотторан а, цу хьуджатах кхетавезаш хиларан йа цахиларан а юкъахь йолу башхо.


Тидам бан безаш хIума ду хIара: Тахана вай аьлча "хьенехарна хьуджат цахIоттош такфир догIу", иза вай хецна дитна олуш дац. Амма вайна а, иштта, царна а (цхьанне хьуджат хIоттина бен такфир дийр дац бохучарна) юккъахь болу къовсам, и хьуджат дIахIоьттина ду, йа и дIахIоьттина дац бохучехь бу.


Кхин дика кхетош элча, вай олу "керстналла динчу адман хьуджат дIахIоьттина долш ду, цундера цо ширк йа керстналла дича цун такфир до вай". Ткъа цара олу "цун хьуджат дIахIоьттина дац, цундера цо ширк йа керстналла дича цун такфир цадо оха".


Масала вай дехаш долу вайн даймохк схьа лецча, Нохчийчохь йа ГIайгIайчохь цхьама доккха ширк дича, и мушрик ву олу вай, цунна бехказло яццаъ олу вай. ХIунда аьлча, мушрик дIакхечнехь а, цакхечнехь а ву иза, тIехьо вай дуьцур ма-хиллара (тидам бе кхунна къестина, тIехьо хьахор ду вай, ширк динчун мушрик аьлла цIе дIаяларна а, цунна такфиранца хьукма дарна а юкъахь йолу башхо). Ткъа бехказло хьуджат дIакхечна дацахь бен хуьлуш яц цунна. Амма вай мехкашка хьуджат дIакхечна ду. Церан цу хьужжатац бала цахилар, уьш цух цакхетар а, хьуджат дIацакхечна бохург дац иза. Масалан, ютуб чохь видеош ю, гIалийн юкъехула дIасалелачу нахе динах лецна хеттарш деш. Царна цахаъ исламан пхи бIогIум а, иштта кхидолу динах дерг а. Ткъа царна хьуджат дIакхечна дац олийла дац дин девзуш волчо, хьуджат хIун ду хууш волчо. Мухлен а цуо эра ду: "дIакхечна царна хьуджат, амма цера бала цахилла цу хьуджатац". Шина адмо къовсан тарлуш доцуш, къегина хIума ду иза.


Ткъа Iелимнаха хIун бах цу хьокъехь вай хьовсахь:


Мухьаммад бин Iабдул-ВаххIаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) Ибну Таймиййан къамелах нийса цакхетначарна жоплуш аьлла:


"Шега Къуръан кхечнарг милла валахь а, цунна хьуджат дIакхечна ду. Амма цакхетам хьангахь бу аьлча; аш хьуджат дIакхачадарна а, цу хьуджатах кхетарна а юккъахь къастам цабарехь бу. Баккъалла а, дукхахболу кериста нах а, мунафикъ нах а хьуджатах кхетна цахилла, и шайна дIакхечна доллушехь. АллахIа ма-аллара: "Хьуна моьтту, царах дукхаберш хезаш бу?! йа уьш хьекъале бу?! уьш ма бац хьайбанашка терра бен, баккъалла кхин чIогIа тиларехь букх уьш некъехьара". [сурат ал-фуркъан, 44-гIа аят]". [фатава ал-аимма аннаждиййа]


Дикка ойла е цо бохучун, "шега Къуръан кхечнарг милла валахь а, цунна хьуджат дIакхечна ду". Шегар цабах цо иза, АллахIан къамелера бах цо иза. АллахIа аьлла: «Ахьа ала: АллахI ву суна а, шуна а юкъахь тешна. Соьга хIара Къуръан доссийна, аса шуна кхерам таса, иштта и (Къуръан) шега дIакхечначунна а» [сурат ал-анIам, 19-гIа аят]. АллахIа и Къуръан шега дIакхечначунна кхерам тесна, ширках юха цавалахь цунна Iазап хиларца. Ткъа тахан цара хьуджат дIакхечна дац бохучу нахе Къуръан шайн маттахь дIакхечна дац? Ду дерам, амма цера бала бацкх цунца.


Иштта, IабдуллахI бин Iабдуррохьман Абу БутIайна а¹, Шайх ибну Насыр бин маIмарас а², Ибнул Къаййима а³, аяташ даладо, хьуджат дIахIоттарехь Къуръан дIакхечнахилар кхачаме хилар а, и хьуджат дIакхечнарг цух кхеташ вацахь а, и санна верг цух кхеташ хилчахь.


Масала, АллахIа бах: «Церан дегнашна пардо дина Оха, уьш бакъдолчух цакхетийтархьам‚ церан лергаш чохь къоралла а йина оха» [сурат ал-анIам, 25-гIа аят]. Иштта кхечу аятехь АллахIа бах: «Цара АллахI витина шайтIанаш шайн гергар лецна, царна моьттура шеш нийсон тIехь ду» [сурат ал-аIраф, 40-гIа аят].


Иштта, хьуджатах кхетар бехкам цахиларна тIенисвеш дуккха а ду аяташ. АллахIа къеггина схьа ма бах: "царна моьттура шеш нийсон тIехь ду". Хьуджат шайга дIакхечна доллушехь моьттуш ма хилла царна шеш нийсон тIехь ду. ХIунда моьттин царна и? Цу хьуджатах уьш кхетна боцундера. Ткъа бехказло хIунда яц царна? Царна юкъахь болу уьш санна берш кхетнан дера. ХIунда? Шайна кхета лиънехь, церан кхета аьтто хиллан дера. Царна цалиъна, церан бала цахилла, уьш шайчунтIехь дIабахна, цундера царна бехказло цаелла Дала. Ткъа и бахьан долуш АллахIа бах: «Церан дегнашна пардо дина Оха, уьш бакъдолчух цакхетийтарн дуьхьа‚ церан лергаш чохь къоралла а йина оха» [сурат ал-анIам, 25-гIа аят].


Вайн ма-хаара, керстаналлин шен дакъош ду, къобул цадеш дуьхьулаваларц дерг ду (куфр жухьуд олу цух), иштта, цахаарц дерг ду (куфр джахIл олу цух). Нагахьсан хьуджат дIахIотдар, цу хьуджатах кхетар тайп-тайпа ши хIума дацхьара, керстналла цхьаъ бен хир дацар, иза къобул цадеш дуьхьул валарц долу (куфр жухьуд) керстналла хир дара. 


Сулайман бин Сахьмана (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: "Оцу аяташкахь АллахIа уьш хьуджатах кхеташ цахилар билгал дина вайн, уьш ца кхетар аьлла царна бехказло ца елла. Къурано къеггина схьа гойту, и нах кериста хилар. ХIара хьуна билгалделча, хьуна хаълахь и Ибну Таймиййан дешнаш иэ дина, царгахь къастам цабеш уьш хедийна болу нах бакъдерг харцонца иэ дина хьун цара." [фатава ал-аимма аннаждиййа]


1 - фатава ал-аимма аннаждиййа.

2 - аддурару-ссаниййа.

3 - мухтасару-ссаваIикъ.


Шайх Исхьакъ бин Iабдуррохьмана (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: "Ибну Таймиййан къамелехь лууш дерг "хьуджат дIахоьттин ду Элча ваитарца, Къуръан досса дарца. Элча вуьцуш хезнарг милла валахь, цунга Къуръан дIакхечнехь цунна тIехь хьуджат дIахIоьттина ду." ХIара ду Ибну Таймиййан къамелах схьагуш дерг" [Iакъидатул муваххьидийн]. Иштта, кху тайпа дешнаш дийцна веравоцуш дукха ду Iелимнехан.


Кху къамелах вайн хилла пайда: цхьаболчу нехан къамел "цхьанне такфир дан мегар дац, цунна шеко дIайоккхуш, и кхетталц цунга воккха Iелимстага къамел даллалц" бохуг долу, иза харц къамел хилар билгалдели вайн Iелимнехан къамелехь. Иштта, и къамел дечунна бух цахилар а билгалделир вайна Къуръан аяташца. Хьуджат хIоттадар цхьаъ ду, амма цу хьуджатах кхетар кхи ду. Иштта, цушинна башхо а билгал ели вайна. Масалан, ширк деш волчу стаге аса цуьнан ненан матте гочдина Къуръан ло, хIара Къуръан ду хьуна, деша хIара олий. Цо и Къуръан схьаоьций, шен чу охьа дуьллу. ЦултIехьа шерашкахь цу тIе цахьожуш, тIе чан юьлли дуьту цо и. ЦултIехьа и стаг ле. Хьуджат дIахIоьттина доцуш велла эра ду вай и? Жимма дин девзучо алан тарлуш дац иза. Хьуджат дIахIоьтнера цунна, делахь и цакхитир цух, цо букъ туьхир цунна эра дукх. Вайн цунна бехказло езар цхьаъ ду, и дуьцуш дац вай. Ткъа АллахIа цунна и бехказло елла йа цаелла бохург кхин хIума ду. АллахIа кху умматан элча ваитарца, иштта Къуръан а доссорца хьуджат хIоттийна. Ткъа кху умматах хила тарло шега и хьуджат дIацакхечнарг, лакхахь вай Ибну Таймиййан къамелехь ма дийцара, бусулба нах боцучехь вехаш хиларе терра, йа керла дине веъна хиларе терра. Ткъа царна царга дIакхечна дацахь бехказло ю. Амма бусулба нахан юкъахь дуьненчу велла, бусулба нахан юкъахь кхиъна волуш, доьшуш хезаш шен ненан маттахь Къуръан долуш волчунна, цо АллахIац накъоста варехь цахаарна бехказло ю бохург динан тIехь харцо кхоллар ду. Цхьана Iелимстага аьлла хIума дац иза.


Шайх Iабдуррохьман бин Хьасана (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла:


"Массо кериста а галвелла ву, хIора мушрикан а шен кхетам бу, церан дегатешам бу эвлияашца шеш дешдолу ширк, уьш оццула базбар а шайна пайде ду моьттуш. Цара шеш кIелхьара дохур ду а моьтту царна. Царна бехказло яц уьш галбовларехь, иштта, шайна шеш нийса ду моттарехь а". [аддурару-ссаниййа]


Ибну Таймиййас (АллахIа къинхетам бойла цух) ширк дарехь цахаарца йа галваларца бехказло луш цахилар билгалдеш Шайх Абу БутIайна (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла:


"Ибну Таймиййас хадам бина (къастам бина) дуккха меттигашкахь ша хьахинчу ширкан дакъошха цхьа хIума динчо керстналла деш хилар, иштта, бусулба нехан цу тIехь барт хилар а хьахина цо. Амма джахIил (цахууш верг) а йа и саннаг а юкъар ца веккхина цо. АллахIа бах: "АллахIа гечдеш дац шеца накъост лецначунна, амма цул лахарчунна шена луучунна гечдо Цо" [сурат ан-нисаъ, 116-гIа аят]. Масийхьан хьокъехь АллахIа бах: "АллахIац накъост лецнариг милла валахь, АллахIа ялсамане хьарам йина цунна, цуьнан воьрзу меттиг жоьжагIати ю" [сурат ал-маида, 72-гIа аят]. Нагахьсанна цхьама алахь "И АллахIа вонца йина чIагIо хьуджат шена дIакхачийна, и тIе цалецначун хьокъехь ю, джахIил (цахууш верг) а, галвеллаг а, цхьана тIехьвеззаг а цу аяташна юкъавогIуш вац" и дешнаш аьллаг АллахIана а, цуьнан Элчана а (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) дуьхьулвелла, бусулба неха новкъах дIа а тилла и. Iелимнаха шайн жайнешчохь "муртадан хьукма дуьцу дакъа" хьахадо, хьуджат дIахIоттинчул тIахьа дуьхьулвеллаг оли схьа а ца къастош". [аддурару-ссаниййа] Ойла е, Iелимнаха бусулба нахан юкъахь кхиъна волчу жахIилан хьокъехь къамел муха до а, иштта, кериста нахан юкъахь кхиъна волчу жахIилан хьокъехь къамел муха до а. Хьалхарчун цахаарца бехказло цало цара, ткъа шологIчун цахаарца бехказло ло цара.


Нагахьсан хьа хIара дерриг кего Iилма дацахь, ткъа Iелимнахе лалугIуш хьо валахь, хьоьга тахан цхьам алахь: "Ибну Таймиййас хьуджат хIоттийна бен цхьанне такфир деш дац", Шайх Абу БутIайнас бах хьоьга: "Иштта дац иза, нийса цабах цо хьоьг, Ибну Таймиййан кхетам бац иза". Абу БутIайнег лалугIу ахь, йа Хьенехе лалугIу ахь?! Цу хьенехан Абу БутIайнел дика вевзу Ибну Таймиййа?! И хьенех вац Ибну Таймиййан мажмутул фатава дерриг дешнаъ, ткъа Абу БутIайна Ибну Таймиййан дерриг жайнеш девзуш, хууг а хилла ву.


Иштта хьенехан шен пхи пIелг санна, Ибну Таймиййан дерриг жайнеш, цуьнан дерриг къамел девзуш волу Шайх IабдуллатIийф хIун бах хьажа:


Шайх IабдуллатIиф бин Iабдуррохьман бин Хьасана (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла:


"Ибну Таймиййан хьокъехь, цунна "массо а галвелчунна ца хаарца бехказло ю" аьлла кхетам бу аьлла хетар ма дац жимма а Iилманах хьакхвеллачун. Баккъалла а, Ибну Таймиййан дешнаш къеггина и кхетам бохош ду (цара дуьцчуна бIостнехьа ду)." [минхIажу-ттаъсис ва-ттакъдис]


Шайх IабдуллатIиф бин Iабдуррохьман бин Хьасана (АллахIа къинхетам бойла цух) билгалдо, Iиракъийн хьал, ша олуш волу "хаварижашна цахаарца бехказло яц, амма ширк динчун бехказло ю", Шайхо бах:


"Цу Iирокъис хаварижашна цахаарца бехказло цаяларна, ткъа кешнашна Iибадаташ (ширк) дешболчарна цахаарца бехказло яларна, цунца вайн билгал долу и шен дегIа лаъман тIехьавозуш хилар" [фатава ал-аимма аннаждиййа]


Ма дукха бу тахана цу тайпа Iиракъхой. Шел боьха, шел доккха, шел ирча кхин хIумма доцуш долу, уггаре доккха, динчура аравоккхуш долу ширк диначун, АллахIац накъоста виначун бехказло ло цара, ткъа шегар керстналла йа ширк делла воцуш, гIалатвеллачу бусулба стаган бехказло цало цара. Шайх IабдуллатIифа ма-аллар, къегина малх санна билгало ю иза, и нах шайн дегIалаъман тIехьабозуш хиларна.


Ибну Таймиййан, цуьнан хьокъехь цахаарца бехказло яларах йа цаяларах, хьуджат хIоттодезаш хиларах йа цахиларах юьхьенца хаттарехь хьахийна кхетам бохош къегина къамел ду "мажмуIул-фатава" чохь:


Ибну Таймиййас (АллахIа къинхетам бойла цунах) бах: "Къайлах долу (Iелимнаха кегош долу, муьлх-муьлха нахана цадевзаш долчу) дешнашкахь (керстналла делча) цкъацкъа олу: иза гIалатвелла, галвелла ву, ша шена дIахIоьтнарг керст хуьлш волу хьуджат дIахоьттина дац цунна; делахь а, царах цхьаболчаргара довлу хIуманаш билгалчу (къайла доцчу), бусулбана нахах Iелимнахана а, уьш боцчарна а бусулба динах дуй хууш долчу хIуманашкахь довлуш ду. Бакъдолуш жуьктий а, насараш а хууш бу, Мухьаммад (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) цу хIуманашца ваийтна вуйла, цу хIуманашна дуьхьло йинчунна цо такфир диний а; цуьнан омруне терра АллахIан Шен цхьанна Iибадат де, Цуьнца накъост ма ве аьлла долу.


Иштта, АллахI воцчун цхьанне Iибадат ма де аларе терра, маликашна, пайхамарашна, малхана, баттана, седарчашна, жаIаршна а, уьш йоцучарна а. Баккъалла а, хIара динах уггаре къегинчу хIуманашха ду. Иштта, цо омру даре терра, пхи ламаз дарца, церан болх базбарца. Жуьктишца, насарашца, мушрик нахаца, сабиинашца, мажусашца а цо мостагIалла леладаре терра. Боьхалла, риба, къеркъа, майсир (ахча юкъдиллина къийсамаш) а, уьш йоцург а цо хьарам яре терра. ЦултIехьа хьуна карбо дуккха а церан коьртехь берш кху (керстналлашна) чу эгна, тIаккха уьш муртадш хилла".


Ибну Таймиййан къамел къегина ду, хьуджат хIоттийна бен такфир дийр дац бохург, нахан девзуш доцчу, царна къайла долчу хIуманашкахь хилар. Масала: Къуръан кхоьллин дуй даций боху хIума. Къуръан кхоьллина дац. Ткъа ахь баккхичу нахах цхьанга хаттахь "Къуръан кхоьллина дуй?" аьлла, цо жоп лур ду хьуна "ду, АллахI воцург дерриг хIума кхоьллина ма ду" аьлла. Цо дуьцург хьан керахь долу тептарш ду. Амма АллахIан къамел кхоьллин дуй бохучу хаттарна жоп кхечу кепар хилан тарло цун. И ду хьан-хьанна девзуш доцчу хIуманашха. Къуръан чохь аят дац "Къуръан кхоьллина дац" аьлла, цу тIенисвеш аят хилар доцург. Цундера, цхьама "Къуръан кхоьллина ду" алахь, цунна хьуджат хIоттадаллалц такфир дийр дац.


Иштта Ибну Таймиййан къамел къегина ду, динах долчу, къегинчу хIуманашкахь хьуджат дIахIоьттина хилар. И хIуманаш шегара девларг хьуджат дIацахIоттичий а динчура араволуш хилар. Ткъа и динах долу, къегина хIуманаш Ибну Таймиййас ша дагар дира шен къамелехь: "цуьнан омруне терра АллахIан Шен цхьанна Iибадат де, Цуьнца накъост ма ве аьлла долу. Иштта, АллахI воцчун цхьанне Iибадат ма де аларе терра, маликашна, пайхамарашна, малхана, баттана, седарчашна, жаIаршна а, уьш йоцучарна а. Баккъалла а, хIара динах уггаре къегинчу хIуманашха ду. Иштта, цо омру даре терра, пхи ламаз дарца, церан болх базбарца. Жуьктишца, насарашца, мушрик нахаца, сабиинашца, мажусашца а цо мостагIалла леладаре терра. Боьхалла, риба, къеркъа, майсир (ахча юкъдиллина къийсамаш) а, уьш йоцург а цо хьарам яре терра."


Ибну Таймиййас хьуджат хIоттийна бен цхьанне такфир дийр дац бохучун хьокъехь Мухьаммад бин Iабдул-ВаххIаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: "Къестина цхьа адам билгал дина, цун такфир дийр дац бохучехь, и цадар бахьан цо (Ибну Таймиййас) шеко дIайоккхуш билгал до, шена луург цунна хьуджат хIоттадаллалц бохург хилар. Ткъа хьуджат дIакхечнехь цо динчунга хьежжина хьукма до цо, такфир хуьлийл и, фискъал хуьлийл и, йа Iесал хуьлийл и. Цо (Ибну Таймиййас) къеггина билгал дина, ша бохуш дерг къегин долчу хIуманашкахь цахилар (хьуджат хIоттор бохург, къайла долчу хIуманашкахь хилар)" [муфийдул-мустафийд].


Кху жоьпехь вайн билгалдели, Ибну Таймиййас хьуджат хIоттийна бен такфир дийр дац бохучехь дуьцург нахана къайла долчу хIуманашкахь хилар. Ткъа АллахIац накъоста вар, АллахI воцчун Iибадат дар, беллачу нахе орца дехар, керстац цхьана бусулба нахан дуьхьула валар, динах долчу хIуман, ламазан, мархан инкарло яр, мегаш доцург, къеркъа, боьхалла магаяр, иштта билгалдолчу динах долчу хIуманашкахь адмо керистналла дича, иза кериста хуьлуш хилар!


Кху талламан шологIа дакъа:

ДОККХА ШИРК ДИНАЧУН ЦАХААРЦА БЕХКАЗЛО ХИЛАР ЙА ЦАХИЛАР БОХУЧУН, КЪУРЪАНЕРА А, СУННАТЕРА А ДОЦЦА ЖОП.




Report Page