ДОККХА ШИРК ДИНАЧУН ЦАХААРЦА БЕХКАЗЛО ХИЛАР ЙА ЦАХИЛАР БОХУЧУН, КЪУРЪАНЕРА А, СУННАТЕРА А ДОЦЦА ЖОП:
Суннатан ОхlлаТкъа Къуран чохь а, Суннатехь а цхьа могIа карор бац хьуна, доккха ширк диначун цахаарца бехказло ю аьлла а, йа яц аьлла а. ХIунда аьлча, АллахIа а, Цуьнан элчано а (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) иштта хецна, тесна дитина хIум дац иза, йа иштта доцца бехказло ю йа яц ала тарлуш хIума а дац иза, къестина цхьан нехан хьокъехь бен. Масалан алан тарлуш ду, цу махкар бахархошна цахаарца бехкало яц, хIунда аьлча, царна хьуджат дIакхечна ду, ткъа дIо махкар бахархошна бехказло ю, хIунда аьлча, царна хьуджат дIакхечна дац, аьлла. Цахаарца бехказло йолуш меттигаш а ю, цахаарца бехказло йоцуш меттигаш а ю. ЦIерашна а, хьукманашна а юкъахь башхо йолуш меттигаш а ю. Ткъа хаварижийн цхьанне хьолехь бехказло яц бохуш болу кхетам а, иштта, муржиитийн массо хьолехь бехказло ю бохуш болу кхетам а харц хилар билгал долу хьуна, ахь Къуръан а, Хьадийсаш а дешахь. Амма цхьаболчу Iелимнехан дешнаш "цахаарца бехказло яц" бохуш долу, Къуръан дIакхечначу меттехь, йа тIекхиан аьтто болчу меттехь бохург ду церан, Ибну Таймиййан дешнаш вай билгал ма-дарра. Йа ширк диначух "иза мушрик ву" аьлла, цунна цIе ялар дуьцуш хуьлу цара.
Тидам бан безаш хIума ду хIара - Ахь Къуръан а, Хьадийсаш а дешахь, хьуна карор ду; АллахIа а, Цуьнан элчано а (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) доккха ширк диначух мушрик олуш хилар, цуьнга хьуджат дIакхечнехь а, цакхечнехь а шинне хьолехь. Ширк дийриг, АллахIац накъоста вийриг мушрик ву, цунга и ширк хилар дIакхечна дацахь а. Цух хьакхалуш хаттар дац, цунна бехказло юй яций бохуш дерг. Дукхах болу мутIелимаш а, и башхо цаевзуш, йа цун тидам цабеш карийна суна. Адам мушрик хила йиш ю, цунна бехказло йолуш. Бехказло юй яций бохург, и мушрик вуй ваций бохург дац. Мушрик ву и, делахь а бехказло ю цунна, цунга дIакхечна дацахь АллахIа Iазап лурдац цунна, хьуджат дIакхечначул тIехьа бен. Ткъа хьуджат дIакхачарехь а, цакхачарехь йолу башхо ю, АллахIа и хьуджат дIакхечначун ширках юха цавалахь Iазап лург хиларехь, ткъа хьуджат дIацакхечначун Iазап лург цахиларехь долу, бехказло юй яций бохуш дерг. Дуккха Iелимнехан дешнаш гур ду хьуна: "вай цунна бехказло луш ялахь а, мушрик ву иза" бохуш. ХIунда аьлча, ширк дарца мушрик ву и, ткъа хьуджат дIацакхачарна бехказло ю цунна бохург ду церан иза. Иштта, хьуджат дIакхачар, цакхачар бохучехь дуьцург Къуръан ду. Шега шен маттахь Къуръан дIакхечначун хьуджат дIакхечна ду. Хьуджат бохучух луург - бакъдерг, нийсдерг, адманна дIакхачадар ду. Ткъа Къуръан а, Суннат а (Бухарий, Муслима, исс хьадийсан жайнеш) ша кхетачу маттахь шега кхечначу адман хьуджат дIакхечна дац бохучул харц кхетам муьлхург бу? ЦултIехьа, цахаарца дина ширк бохучехь дуьцург муьлха цахаар ду и? Шена лиънехь нийсон тIекхиан аьтто болуш, ткъа нийсон букътохарца цахаар ду и, йа нийсон тIекхиан аьтто боцуш висаран цахаар ду и? Нийсо лоьхуш волуш, цу нийсон тIекхиан аьтто боцуш висинчунна а, нийсо лоьхуш воцуш, лехча тIекхиан аьтто болуш, нийсонах букътоьхначунна а юкъахь башхо яц бохучул харц кхетам а муьлхург бу?! Цундера, и вай хьехина хьелаш тергал цадеш, бехказло ю йа яц аьлла жоп даллур долуш хаттар дац иза. Ткъа бехказло ялахь а, яцахь а, (хьуджат дIакхечнехь а, цакхечнехь а) ширк динарг мушрик ву алар нийса ду, Суннатан ОхIланах болчу, массо Iелимнехан кхетам а бу иза.
АллахIа сурат ал-баййина чохь аьлла: «Жайнин охIлунах болу кериста нах а, мушрик нах а цахиллера, шайн динах юх бевра болуш, шайга билгал дерг (хьуджат) дIакхаччалца». АллахIа хьуджат дIакхечна доцушехь "мушрик" нах аьлла цIе елла царна. Иштта, кхин а дуккха ду цу тайпа, хьуджат дIакхечна доцушехь, ширк дечун мушрик аьлла цIейоккхуш аяташ.
Ткъа сурат ал-исроъ чохь АллахIа аьлла: «Тхо Iазап лурдолуш ма дацар, оха элча вагIийталца». Цу ширк динчу мушрик нахан Iазап луш дац Ша, царна хьуджат хьуш элча вагIийталца бах АллахIа.
Шен кхетам хьокъехь вай къамел долийнчу Ибну Таймиййас мажмуIул-фатава чохь, элча ваийтале хаза дерг хаза хилар, вон дерг вон хилар хьекъалца дустар дуьцучехь аьлла:
«Мушрик боху цIе рисалатал (хьуджатал) хьалха а йолуш ю. Ткъа Iазап далар дац (хьуджатал тIехьа бен)».
Ибну Таймиййас къегина боху, хьуджат хIоттийна дацахь а ширк динчух мушрик олуш ду, амма Iазап луш дац цуна хьуджат хIоттийначул тIехьа бен.
Ткъа олучо алахь: "и аяташ кериста нехан хьокъехь диссин ду, бусулба нехан хьокъехь диссин дац". Ахь ладугIучу, шайл хьалха шеш дуьцург цхьанне Iелимнаха дийцна боцчу наха бен аьлла хIума дац иза. Суннатан ОхIланах болчу умматан массо Iелимнехан барт хилла бакъо ю: «терго (Къуръанан) маьIнангахь ю, и доссаран бахьнан къестина яц». Цух луушдерг: Къуръан хьенна хьокъехь доьссина далахь а, цуьнан маьIна массарна тIехь лелаш ду. Керстналла диначун хьокъехь диссина аяташ, бухера керстанал динчунна а, бусулба хиллачул тIехьа керистнал динчунна а цхьатерра ду. Цул сов, Iелимнехан барт бу цу тIехь. Иштта и дацахь, стаг динчур аравелла хиларц хьукма муха до къедно, цо далош долу аяташ кериста нехан хьокъехь диссина хилча? Iилманах хьакхвеллачо алан тарлуш дац, сурат ан-нисаъ чура АллахIан дош: «АллахIа шец ширк дарна гечдеш дац» бохуш дерг, бухер дуьйна керстан ду, бусулба хилчул тIехьа ширк динчун дац. Иштта и далхьара, Нухьа пайхамаран (АллахIера маршалла хуьлда цунна) заманахь хиллачу нахах мушрик нах ала мегар дацар. ХIунда аьлча, латта букътIехь дуьххьур ширк динариш уьш бу. Бусулба хиллачул тIехьа дина цара ширк. Ткъа вайн ма-хаар, Нухьас царга хитIаб дечу хенахь "мушрикаш" аьлла хитIаб дина. Iелимнаха а уьш хьахош "мушрикаш" оли хьахабо. Иштта, вайн Пайхамаран (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) заманахь хилла къурайшийн мушрик нах схьа лецча, царга хьам дIакхачийнера, царах мушрик нах олуш?! Вайн ма-хаар, цу заманах Iелимнаха "жахIилиййат кубро" олу, и бохург "йоккха жахIлалла" бохург ду. Йоккхачу жахIлаллийн охIлунах а, царна хьуджат дIакхечна доцушехь "мушрик нах" олуш хилча, тахана элча веъна, Къуръан доьссинчу, цкъа хилла доцчу кепар хьадийсаш, дин держинчу заманахь ширк динчух бусулба алар йоккха жахIлалла ю.
Кху талламехь вайн билгалдолу: Тахана Къуръан дIакхечначу меттехь, Элча ваийтинчу заманахь, тIакхиан аьтто болчу хьолехь, цахаарца, йа цхьан тIехьахIоьттина галваларца доккха ширк диначунна бехказло цахилар. Йа Суннатан ОхIланах волчу цхьана Iелимстага а ца елла цу хьолехь цахаарца бехказло. Массо хьолехь а цахаарца бехказло ялхьара, дин кхайкхочу наха дийриг зулам хир дара. ХIунда аьлча, цахууш долчу шай хьолехь Iадбитчахь ялсамане гIур болу нах, царн дIа а кхачийна, цара и тIе цалацахь, уьш жоьжагIати багIаран бахьан хIуттур дара иза. Иштта, цу хьолехь бехказло хилча, цахаар гIолехь хир дар, хааралла. ХIунда аьлча, суна цахаар аьлчахь кIелхьар веравара лай.
Имам Аш-ШафиIис (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «Цахуучун цахаарц бехказло ялхьара, цахаар волехь хир дара хуучул а. ХIунда аьлча, лайн тIера жоьпал дIадера дара, цуьнан дог паргIат хир дара шегар бехка баккхарах. Лайн цхьаа бехказло яц хьукма цадовзарах шега и дIекхечначул тIехьа, йа тIекхиан аьтто хиллачул тIехьа!»
ХIара доцца хьахдар ду, доккха ширк диначун цахаарца бехказло хиларна йа цахиларна гонахьа. Ткъа тарлуш хилахь, АллахIан пурба лахь кхин а дика кхетош, кхин а сов тоьшаллашца дуьцур ду вай.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву!