vesti095

vesti095

Вести республики

Лараме Хаамийн гӀирсийн куьйгалхой, журналисташ, «Вести республики» газетан доттагӀий, дешархой, Нохчийн меттан хьехархой, Ӏилманчаш, йаздархой, нохчийн маттаца, меттан йозанца гӀуллакх мел долу махкахой!


Нохчийн Республикин «Вести республики» газетан белхахоша даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Лаьа вайн Нохчийчоь шен мотт, шен меттан йоза денна кхуьуш, ойла, синкхетам ненан маттахь болуш, хӀара дуьне мел лаьтта йехийла. 


Тахана вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дерриг а дина иза иштта хилийта. Ткъа вайн керахь дерг и Везачу Дала вайна делла совгӀат, вайн къоман синкхетаман хазна ларйар, иэшар, йезар, цуьнан пусар дар, ду. Дала ницкъ лойла вайна цу тӀехь! Дала диканца могаш-маьрша дахадойла Нохчийн къоман деза, доккха эзарнаш шераш генара тахана вайга кхаьчна долу Делан совгӀат ларда а, Ӏалашда а, иза кханенга дӀакховдо а.


Дела реза хуьлда шуна массарна а!

Report Page