vesti095
Вести республикиМотт буьйцучохь хуьлу оцу къоман культура а, г1иллакх-оьздангалла а. Ша лоруш волчо х1орамма а дозалла дан деза шен къоман маттах.
«Вести республики» ц1е йолчу газетан корреспондентаца мотт ларбаран хьокъехь хиллачу къамелехь, меттан хазаллех лаьцна дийцира РФ-н Йаздархойн союзан декъашхочо, Россин Федерацин дешаран «Сийлахь белхахо» волчу, нохчийн меттан а, литературин хьехархочо Даудов Гиланис.
«НР-н Мехк-Дас Кадыров Рамзана 2023-г1а шо Нохчийн меттан шо ду аьлла д1акхайкхор боккха кхаъ хилла т1еийцира нохчийн къомо. Вайн къоман исторехь иштта хилам дуьххьара хилла бара. Маттаца доьзна ду вайн къоман массо а х1ума: вайн ламасташ, г1иллакх-оьздангалла, дика-вуон дерзор. Цундела мотт ларбар декхар ду вайх х1ораннан а.
“Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам ду”, - олуш, кица ду вайн къоман. Халкъан йуьхь-мотт бу. Кхидолчу къаьмнийн меттанаш 1амо дезаш ду, амма шен мотт хаа безаш бу. Жимачохь дуьйна чуйилла йезаш йу матте йолу марзо аганан ненан иллица, бабин туьйранашца, узамца. “Жимачохь 1амийна х1ума т1улга т1е йаздина йоза ду”, - аьлла вайн дайша. НР-н Мехк-Дена, Россин Турпалхочунна Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна доккха баркалла ала лаьа нохчийн меттан хьехархошна ахчанца а, иштта кхечу даккхийчу совг1аташца терго йарна. Дала мукъ лахь, вайн мотт хьехарехь оха хаддаза къахьоьгур ду аьлла т1е а лоцур ду. Иштта баркалла ала лаьа Кадырова 1айшатна а, Хадижатна а хьехархойн оццул ларам беш, тидам барна. Дала Шен дуьхьа дойла аш мел дийриг».