Сочинение По Чеченской Литературе Майра К1ант Сулима

Сочинение По Чеченской Литературе Майра К1ант Сулима



>>> ПОДРОБНЕЕ ЖМИТЕ ЗДЕСЬ <<<






























Сочинение По Чеченской Литературе Майра К1ант Сулима

© Все права защищены. Разработка сайта: Атаев Джохар

Нохчийн  литература    5 класс (Абулханова А.)
Урокань цIе: Саидов Билалан «Майра кIант Сулима»
-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
-Вай йуха а дIахьур йу вешан  рогIера нохчийн литературин урок.
  -Тахана   урокехь вайна кхидIа а бевзар бу Саидов Билалан  «Майра  кIант  Сулима» цIе йолчу туьйранан чулацам.
Слайд. (суьрташца гойту тайп-тайпана туьйранийн персонажаш)
     -Тахана вай  кхидIа дийцаре дийр ду «Майра кIант Сулима» цIе йолу туьйра
— ШайтIанийн  махка вахийта дагалецира Содас  Сулима.Цигахь и тIепIаза вайта. Хаза дуьйцуш  йахье воккхий,  шайтIанаша   лачкъийна йигна  цхьаьна   мискачу ден-ненан хаза йоI Маьлх-Азни. Ахь деъна хи а мелла ша къонвелла. ХIусамнана а йелла Iаш ву ша, и шена йалон йеза ахьа. Цига вахча и йуха вогIур вац, я Седа цуьнга йахийта йиш а йац аьлласацам бо цо.
-Ца вахча йал схьалуш йацара Содас. Дуьйцучуьра и соцур воций хууш Сулимас сацам бо Маьлх-Азни йало ваха.
  — Тешаме  герзаш карахь долуш , седарчех дага а вуьйлуш дIакхечира кIант акхачу махка.ТIеIоттавелира тамашеначу стагана.
— Салам схьа а оьций зингатийн къамеле ладегIначо олу:
-Сулимас ша хилар хоуьйту цо вуьйцург. Ши доттагI хуьлий кхин дIа некъ йуьхьарлоцу цу шимма. Эрна арахь гена топ кхуссуш, тIаьхьа а хьодий  тоьпан хIоъ схьалоцуш верг кхийтира цу шинна дуьхьал. Салам делла вистхилира иза. Ма тамашийна стаг ву хьо шега аьлча, ша вац тамашийна аьлла шен къамел долийра цо.
— Сулима цIе а йолуш  тамаше кIант ву бохуш дуьйцуш ду.«Саьрмак цо бийна, дуьненан йистера стаг къонвен хи а деъна а боху»- аьлла дийца волавелира иза.  Иштта шен дена  зуда йалон аравьлла а боху.И ахь вуьйцуш волу Сулима ша ву хьуна – элира кIанта.
-Шаьшшиммо   арабаьккхина некъ дIабийцира, кхин дIа дан дезачунна  барт бира.
-Генна некъ эцна дIабоьлхуш кхарна дуьхьал кхийтира кхин цхьа тамашена стаг.
-Салам делла, шайна гуш долчух цецбевлла лаьтташ бара уьш. Чохь  са   доцуш болу тIулг бара хелха боккхуш.
-Со  вац тамашена,  тIулг хелхабаьккхина волу. Кхин цхьаъ ву тамашена, дуьне цецдаьккхина. Стаг къонвен хи деъна, шен да къонвина волу  Сулима ву тамашена.
 -Ша ву ахь вуьйцург,  элира кIанта.  – со а ву хьан накъост элира къонахчо. Иштта доттагIийн тоба стамйелира. ШайтIанийн  махкара йоI йалор сацийра.
-Иштта  дIабоьлхуш   кIотара кхечира накъостий. Даккхий  йаьш  ихкина каде хьийзаш вара кIотархо.  Салам – маршалла  а  луш тIебахара накъостий. Уллохь накъостий боцуш,  гонаха цIа а доцуш, пана кIотарахь ша Iаш вара иза.
-Салам маршалла а делла, хьо стенна кечлуш ву, хIун деза де ду-те  ахь тахана даздеш дерг ? Гарсех кхозуш исс сту ма бу хьан. Мила варе хьоьжуш ву хьо  кху шуьне? –аьлла хаттар дира накъосташа  кIотархочуьнга.
— «Цкъа охьахиъча исс сту бууш, цул тIаьхьа исс баттахь ца йиъча хьо мегаш велахь, ма доккха тамаше хIума  ду иза», -олу накъосташа кIотархочуьнга. -Иза дац доккха  хIума. Дуьненахь ву  боху  майра кIант Сулима. И хеставо Iаламо. Иштта къамел цо дича, Сулимас  элира: 
— Ахь вуьйцург ша ву.  ШайтIанан махкара йоI йалон гIуш ду тхо. Хьо реза велахь дIавола шайца.
— Иштта и буьйса цхьаьна а йаьккхина новкъабевлира доттагIий.
-ДIабоьлхуш уьш кхечира хIордан йисте. Цу йистехь Iаш цхьа стаг вара.
-Шайгахьчул   тIех  хьуьнар дуьненахь дац моьттуш болу накъостий   цунах   цецбевлла   хьоьжура.
-Юха тIебахана  салам  а делла , шаьш чIогIа цецдевлла кху балхах аьлла  цуьнга бистхилира. Ша дийриг доккха хIама дац , ткъа Содин кIант Сулимас, ца деш хIума дац  аьлла къамел дIадолийра  хIордан йистехь Iаш волчо. Ткъа шу хIунда лела? Шегара хIун гIо хир дара техьа шуна олу цо.
— Ахь вуьйцург ша ву.  ШайтIанан махкара йоI йалон гIуш ду тхо. Хьо а вола тхоьца , доттагIий хир ду   вай.  Иштта барт хилла новкъа бевлира уьш.   Стамлуш схьайогIуш йара накъостийн тоба. Бехха новкъа дIаихира уьш. Шаьш кхача безачу дIа а кхечира. 
— Царна дуьхьала шайтIанаш девлира, шайн гIуллакх цаьрга дIа а дийцира.  Шу тахана тхан хьеший ду аьлла къамел долийра  . Аш деанчу гIуллакхах даккхийчарах   цхьаъ   ду.
-Шайн махкахь шу доцург адам хилла а дац, аш беънарг генна некъ а бу. Делахь а , шай иштта йоI дIайала йиш яц. Хьуьнарш  къовса  деза  вай-олу шайтIанаша. 
-Шу толахь йуьгур йу , амма ца толахь шу тхуна децаш Iийр ду.
-ДIаболийра   хьалхара шайн къовсам.  Топ кхийса велира шайтIанийн иччархо. Кхузза а кхоьссира.  Амма  хьешаша цу къовсамехь а толам баьккхира. Шаьш эшна аьлла шайтIанаш къера  хилира.
-ШолгIа а къевсира ведда , хьалхаваларх,  кхоалгIа  къевсира хIума дукха йаъарх.  Шайлахь  цара сутарверг   хьаьржира.   Цхьацца   сту   бара   баъа  охьабиллинарг, исс    сту    буучо  и   шиъ  дIакхаьллира. Сутарниг   цецваьлла   висира.   ТIаьххьара   къовсам   хилийта   аьлла  дийхира.
 — Цхьаьна   хьунар  тIехь  мукъа  а толам  хила  лууш долчу шайтIанаша, стигала кхача  лекха  лами хIоттинера. Цу тIе а ваьлла , хье юккъе хIоттийна  стака гал   ца доккхуш, хи тIадам ца Iанош , йуха   чувоьссинарг   тоьлла   лоруш   вара  царалахь.   Цу лами   тIе   хьалаваьлча   Сулимана гира  шен да-нана сагIа доьхуш лелаш. Цуьнан бIаьргех хи даьллера, и тIадамаш  хи ду моьттуш, самукъадаьлла хьийзара шайтIанаш.    Ша  охьавоьссича  кIанта  дийцира  шена  гинчух  лаьцна.Ца тешнера и бIаьргийн хи хиларх, тIаккха бIаьргийн хи дуьра хилар билгалдаьккхира.Чам баьккхича хи дуьра дара.  ШайтIанаш  ийшира.
— Къайлаха кхин цхьа  тешнабехк бара кечбина.   Шина  тайпана хьолтIамаш йара йина. Цхьаьна шуьнахь йерш дIовш   тоьхнарш,   вукха   шуьнахь йерш  дIовш   тохаза. 
-Амма и тешнабехк а шайх  бахара. ХьолтIам  кхаьл -кхаьллинарг  леш, ца кхаьллинарг вуьсуш.  И сурт гуш бухахь  бисанарш холчу хIиттинера.
-Йуха шайтIанашна дагадогIу аьчкан цIа чу а боьхкина доттагIий баго.
-Шаьш   динчух   даккхийдеш, шайтIанаш тешна  дара шаьш дагалаьцнарг кхочуш хилла аьлла. Амма уьш  чухьевсича доттагIий бийлабелира.  ШайтIанаш къовсамехь ийишира. Маьлха- Аьзни сиха кечйина схьайелира.
-Сулимигара а, цуьнан доттагIашкара а дийлинчу хьуьнарех а шийла кхаъ хезна, дог иккхина Сода велира. Шен бахамах а, шен йоIах а вала дезар ла ца делира цуьнга.
-Иштта массо а халонаш,  баланаш эшийна Сода ваьхначу керта кхечира майра  кIант Сулима.
-Шен да-нана лехна схьадалийра, йайначу йоьIан  да-нана схьакарийра. Ткъа Содин бахам мискачу  нахана  нисса  дIабийкъира. Дезаш   долу Сулима а, Седа а вовшахкхийтира. Содин кертахь доккха ловзар- той хилира.
-Тойнехь   дакъалоцуш  адамаш, хьайбанаш, акхарой, олхазарш дара. И той кхаа баттахь лаьттира.
ГIайре-   гондахьа хи долу лаьттан дакъа
ХIуьрлаIан мехкарша — йалсаманехь хуьлу боху мехкарий
Йийсар — нуьцкъала лаьцна дигна латтош долу адам
-Туьйранехь мел дерг кхоьллина ду. Цуьнан турпалхой цхьана шатайпанарчу заманахь бехаш бу, амма туьйранчийн говзачу матто и зама, таханлерчу, хIинцца гуш дIайоьдучу заманан герга йалайо, йа вай, туьйране ладугIуш дерш, оьций дIадуьгу- туьйранан инзаре- башхачу заманна чу. Вайн туьйранашкахь карабо адамийн ирсе болу сатийсамаш, девза инзаре-башха хIуманаш: адамийн мотт хуу дийнаташ, лаьтта бухара дуьне, адам дендеш, къондеш долу хи, иштта кхиндолу хIуманаш а.
ХIетте а, шу кхета деза и тайпа хIуманаш туьйранашкахь бен хуьлуш доцийла, мел уьш дахарехь хуьлуш –нислуш долчух чIогIа тера  делахь а.
I. Оцу туьйранехь олхазаро хIунда ца дора эланний, цуьнан оьзданашний Адам цамгарх тодеш а, къондеш а долу Iежаш? а) Эло нах хьийзабо дела б) Эла дика стаг волу дела в) шена ца лаьа дела
2. «Кхо ваша» цIе йолчу туьйранех дас ша валале шен кхаа кIанте хIун аьлла весет дина? а) туьханан тIулгах дай чурт догIа   б) шен чурт ларде в) шен чурт долчехь буьйсанаш йаха 
3. «Барзо Iахарца мохк къовсар» цIе йолчу туьйранех , Iахарий цхьана меттехь муха нисделла хилла? а) тилладелла лелаш б) сакъоьруш лелаш в) борз лоьхуш лелаш
4. «Кхо ваша а, саьрмик а» цIе йолчу туьйранех дас ша валале шен кхаа кIанте хIун аьлла весет дина? а) ширачу новкъа ма гIо аьлла б) ширачу новкъахь хIун ду хьажа аьлла в) ширачу новкъа гIо аьлла
5. Мила ву автор  «Майра кIант Сулима»  цIе  йолчу  туьйран ?

Конспект урока на тему " Майра к 1 ант Сулима "
5 класс Урок№8 — Урок 95
Сочинение Майра Сулима - Школьные Знания.com
Сочинение майра сулима — Знания.site
16-18 УРОК . МАЙРА К 1 АНТ СУЛИМА САИДОВ Б - Зулпа Алиевна...
Чеченский Язык Сочинение Майра К 1 ант Сулима | Рефераты...
КЕРЛА ТУЬЙРА - 20 Марта 2009 - ПИСУЛИГ | Майра к 1 ант
"Храбрый Сулим ".
Сочинени | Школьные файлы SchoolFiles.net
Другие предметы: Сочинение Майра Сулима
Рассказ на чеченском языке. Храбрый мальчик Зийны / Проза.ру
САИДОВ БИЛАЛ (1914 – 1994) | ИА Чечня Сегодня
5 класс 68 сахьт Изложени -4, сочинени -2 - Документ
Сочинение Майра Сулима — MatFaq.ru
Изложение по чеченской литературе 5 класс майра к 1 ант сулима
Абайдың Ескендір Поэмасы Туралы Эссе
Реферат По Физике 7 Класс
Контрольная Работа По Биологии Клетка 9 Класс
Клише Сочинения По Русскому 9.3
Реферат Обучение Техники Прыжка В Длину

Report Page