Сийлахь Элча

Сийлахь Элча

@adlan_haracho


И ма ву, АллахӀа адамашлахь уггаре а сийлахь эла винарг - Делах кхоьруш цӀена Элча, АллахӀа Шена везаш хаьржинарг!


И ма ву, нахалахь уггаре а комаьрша хилларг, шена хьалха диллина шина хӀуманах уггаре а атта дерг хоржуш хилларг, шен умматна атто хилийтархьама!


И ма ву, шена хьалха биллина кхачанна цкъа а Ӏоттар ца йинарг: шена дика хетахь бууш, ца хетахь Ӏаддабуьтуш!


И ма ву, кӀордор доцуш шен къамел хилларг: сиха а, я деха а ца дуьйцуш, ладоьгӀучуьнга дагардаллал бен дешнаш ца олуш!


И ма ву, мотбеттар ца дезаш, хьенехо хьан хьокъехь элира бохуш долу къамел шена уллехь къобал ца деш хилларг!


И ма ву, цакхетачуьнца кӀеда-мерза и кхетош, шена зен диначуьнца, шена новкъарло йиначуьнца собаре хилларг!


И ма ву, шеца къамел дечунна, новкъахь вогӀуш шена дуьхьалкхеттачунна велалой юьхь-дуьхьал хьожуш хилларг!


И ма ву, салам луш шега делла куьг вукхо шен куьг юхадаккхалц шен куьг юха ца доккхуш хилларг, цуьнан лерам беш, берашка а цхьаьна салам луш хилларг!


И ма ву, элано а, лено а ша кхайкхинче цхьатерра воьдуш хилларг, керста велахь а цомгушчунна тӀехӀуттуш хилларг!


И ма ву, нахалахь уггаре а дика хилларг шен доьзалца: дика дерг царна Ӏамош, цаьргара даьлла гӀалатна гечдеш, цкъа а шен хӀусамнанна, я шен берана, я шен лена тоьхна воцург!


И ма ву, мискачу нахаца охьахууш хилларг!


И ма ву, велакъежна бен кхин велар доцуш хилларг!


И ма ву, хьаштонна бен къамел ца деш, шен къамел оьзда долуш, боьха, оьзда доцу дош шен багара ца долуьйтуш, я шен къамелехь цкъа а мохь ца хьоькхуш, дош оьзда хилларг!


И ма ву, шена вон диначуьнгара чӀир ца оьцуш, ша реза воцуш цхьаьнгара цхьаъ даьлча цуьнан юьхь яьккхина и юьхьӀаьржа ца хӀоттош, минбар тӀе хьала а волий: «Цхьацца наха иштта къамел деш ма хеза суна, цхьацца наха иштта хӀума лелош ма го суна», - олий, хьехам беш хилларг!


И ма ву, Делан дазонаш хедийча а бен, шен хӀуманна цкъа а оьгӀаз воьдуш ца хилларг!


И ма ву, хӀара дуьне шен бахамца шена тӀедирзина долушшехь цунах букъ тоьхна и дӀатеснарг, кӀеззиг долчунна реза хуьлуш, кӀедаче вуьжуш а воцуш, кхача кечбан шен хӀусамехь цӀе латонза масех бутт а болуш ваьхнарг!


И ма ву, шен умматца кӀеда-мерза, къинхетаме верг: жоп юхатухур доцуш АллахӀа шена делла долу доӀа дуьнен тӀехь шена хӀума ца доьхуш, эхартахь шен умматна деха дӀадиллинарг!


И ма ву, керста нахах лата доьдуш долу шен эскаре весет деш хилларг: «Ямарта ма хилалаш, докъа тӀехь къизалла ма лелаелаш, воккха стаг ма велаш, бер а ма делаш, я зуда а ма елаш», - бохуш!


И ма ву, керста делахь а деца-ненаца дика хила Ӏамийнарг!


И ма ву, Абу ХӀурайрате омра динарг - шен ненаца дика хила аьлла, цуьнан нанас чӀагӀо йинашшехь, ахь Пайхамарца керстаналла даллалц ша юучух-молучух кхетар ма яц, аьлла!


И ма ву, мунепакъ волу шен да ца воьйтуш ӀабдуллахӀ сацийнарг! ӀабдуллахӀан да волчу Убаййаса: «Вай цкъа оцу Мадинате дӀакхачахь, вай бохур бу хьуна цу чуьра сийсаза берш ара», - бохуш долу дешнаш (Пайхамар а, цуьнан асхьабаш а бара цо буьйцурш), шена хезча, цуьнан шен кӀант вахана Мадинатан дозане дӀахӀоьттира, шен да Мадинатан дозане кхаьчча, тур баттара а даьккхина дуьхьала хӀоьттира ӀабдуллахӀ шен дена, цуьнга олуш: «ВаллахӀи, Мадинат чу ког боккхур ма бац ахь, хьо сийсаза ву, Пайхамар сийлахь ву аллалц, цул тӀаьхьа хьуна Пайхамара Мадинат чу ван пурба даллалц!», - аьлла шен кӀант цунна дуьхьалаваьллачу хенахь - «Ӏаддавита иза», - аьлла цунна гечдина, къинтӀераваьлла, и чуваийтинарг!


И ма ву, шена а, шен пачхьалкхана а ямарта хилла волу, вуй хууш мунепакъ хилла волу, мунепакъийн корта хилла лелла волу ӀабдуллахӀан да Убаййа веллачу хенахь, Дала цунах къинхетам баре сатуьйсуш, цуьнан кӀант Пайхамарна тӀе а веана: «Хьайна тӀера оба лахьара ахь цунна тӀехьарчо марчонна», - аьлча, цунна и елларг! Цул тӀаьхьа цунна докъа-ламаз динарг, мунепакъ волу ахь цунна муха до докъа-ламаз бохуш Ӏумар дуьхьалавуьйлушшехь!


И ма ву, шен девешин Хьамзатана докъанна тӀехь къизалла лелийначаьрца собаре хилла, чӀир ца оьцуш ӀаддаӀийнарг!


И ма ву, шен деваша Хьамзат ве аьлла омра дина вейтина йолу ХӀинда тоба дина шена тӀееъча, цуьнгара и къобалдинарг!


И ма ву, шен деваша Хьамзат вийна волу Вахьший Ислам-дине веана шена тӀевеъча и тӀеэцнарг!


И ма ву, шен асхьабех цхьамма шена тӀе а веана доӀа де оцу керста нахана аьлла шега дехар дича, цунна жоп делларг: «Со неӀалт кхайкхо ваийтина вац, со къинхетам бан ваийтина ву», - аьлла!


И ма ву, ТӀуфайл ибн Ӏамра тӀе а веъна шега дехар дича, - «и довса тайпа ма Ӏесадаьлла-кх, ма боьхаче даьлла-кх и, уьш хӀаллакбе алий доӀа де», - аьлча, шен ши куьг айбина доӀа динарг: «Я АллахӀ, нисдехьа и довса тайпа», - аьлла!


И ма ву, ТӀаифе дин кхайкхо ша ваханчу хенахь керста наха тӀулгаш диттина, сийсазвина ша юхаверзийначу хенахь, шена лаьмнашна тӀехӀоттийна долу малик даийтина, шега кхайкхар дича, хьуна луург до ша хӀокху нахана, хьуна лаахь хӀара ши лам тӀеттӀабахийтина хӀаллакбо ша хӀара нах, цу малико шега аьлча, Деле дехнарг: «Я АллахӀ, ма бехьа уьш хӀаллак, церан тӀаьхьенах цхьаъ ваьлла а бусалба валаре сатуьйсу-кх ас!», - аьлла!


И ма ву, Бадр гӀазотехь йийсаре бина болу керста нехан хьокъехь МутӀим ибн Ӏадийй дийна а хилла, и шега кху йийсархойн хьокъехь вистхилча, ша маьрша буьтур ма бара уьш аьлларг. МутӀим ибн Ӏадийй керста волуш велла волушехь, ша Маккахь волуш цо шена дина долу гӀоьнна дуьхьал и диц ца динарг!


И ма ву, Макки чохь 13 шарахь керста наха ша хьийзош, тӀе боьхаллаш кхуьссуш, ламаз дан а ца вуьтуш, тӀе харцонаш юьйцуш, кхаьрдаш, шен асхьабаш шена хьалха хьийзош, уьш бойуш, царна дан гӀо доцуш, цул тӀаьхьа шена уггар дукхабезаш болчу махках ваьккхина, юхавеъча, буха дисина шайн цхьа дакъа, я цхьа а хӀусам йоцуш, керста наха уьш дӀа а лаьцна, оццул шайна боьхалла лелийна болу керста нах, цул тӀаьхьа 10 шо даьлча, шайна дуьхьал хӀотто цхьа а ницкъ боцуш, доккхачу эскарца ша Макки чу вахча, цу Макки чохь цхьа а садолу хӀума дийна ца йита шен ницкъ болушехь, цу Макки чохь цӀийх татолаш доло шен аьтто болушехь, царна къинтӀера а ваьлла, и дерриге а царна геч а дина, тӀехдалийтинарг!


И ма ву, шен хьадисехь аьлларг: «Айхьа тешам беллачу стеган ахь тешам байахь - къемат-дийнахь ша хир ву хьуна хьан довхо, ахь тешам байинарг керста велахь а!».


Ткъа АллахӀа и вазвар - адамашлахь уггар сийлахь эла винарг ву иза.


Делах кхоьруш волу, цӀена Элча.


АллахӀана дукхавезаш волуш, Цо хаьржинарг, халил дарж делла, цуьнца Ша къамел а дина.


Молла кхойкхучо молла ма ца кхойкху, я цунна молла кхайкхар нийса а ма ца хуьлу - Пайхамар АллахӀан Элча хиларца цо тоьшалла далийча а бен!.


Цхьана а ламаз дечо ламаз ма ца до, я цо дина долу ламаз кхочуш а ма ца хуьлу - Пайхамар АллахӀан Элча хиларца атхьигехь цо тоьшалла далийча а бен.


Шен дахарца АллахӀа дуй биънарг и цхьа Элча бен ма вац.

АллахӀа боху: «Хьан дахарца дуй ма буу Ас! Бехна, бӀаьрзе хьийзаш ма бу уьш».


Къуръан чохь АллахӀа шен дог хастийнарг ву иза!

-Шен гар хастийнарг ву иза!

-Шен бакъхилар хастийнарг ву иза!

-Шен хьехархо хастийнарг ву иза!

-Шен дог хастийнарг ву иза!

-Шен хьахор хастийнарг ву иза!

-Шен цӀаналла хастийнарг ву иза!

И верриге а хастийнарг ву Иза, Цо ала а олуш: «Баккъалла а, ма лаккхара гӀиллакхаш ду хьоьгахь!».


АллахӀа Къуръан чохь Шен пайхамаршка кхойкхучу хенахь: «Я Адам, я Нухь, я ИбрахӀим, я Муса, я Ӏиса, я Закариййа, я Яхья», - бохуш, хӀора Пайхамаре шен цӀарца кхойкхучу хенахь, вайн Пайхамарца болу ларам чӀогӀа хиларна, цуьнан меттиг Далла гергахь лаккхара хиларна, цуьнан цӀе ца йоккхуш кхайкхира АллахӀа: «ХӀай, Пайхамар! ХӀай, Элча!», - олуш.

Къуръан чохь цхьана а меттехь ца кхайкхина АллахӀа вайн Пайхамаре цуьнан шен цӀарца.


АллахӀа шена говза къамел делларг ву иза.


АллахӀа шена къемат-де даллалц хӀокху латта-букъ тӀехь лаьттар долуш муӀжизат - Къуръан делларг ву иза. Кхиболу массо а Пайхамарийн муӀжизаташ дуьненчуьра дӀадевлча а, вайн Пайхамаран муӀжизат къемат-де даллалц лаьттар долуш.


АллахӀа Къудс маьждиге а вигина, цул тӀаьхьа ворхӀалгӀа стигал хьалаваьккхинарг ву иза.


Цу Къудс маьждигехь массо а пайхамарш тӀаьхьа а хӀиттийна, царна хьалха а ваьлла ламаз дайтинарг ву иза.


ВорхӀалгӀа стигал хьалаваьккхинчу хенахь, «сидратул-мунтахӀа» олуш йолу метте кхачорца АллахӀа сийлахь винарг ву иза, цигахь шена даккхий белхаш гайтина.


АллахӀа ялсамани чохь «василат» олуш долу уггар лаккхара дарж шена делларг ву иза.


Къемат-дийнахь уггар доккха долу шафаӀат шен керахь хин дерг ву иза.


Адам-пайхамарна тӀера, тӀаьххьара долу адамана тӀе кхаччалц долу дерриге халкъ шена тӀаьхьахӀоьттина долуш, хастаман байракх шен керахь йолуш Махьшаре вохун верг ву иза.


АллахӀа шена дуккха а муӀжизаташ делларг ву иза.


Дала шена тамашина белхаш даларца бакъ Пайхамар хилар тӀечӀагӀдинарг - бутт шина декъе бекъабалийтарца...


Хи кӀеззиг долуш уьш бисча, шен куьг цо хи чу диллича, цу куьйга пӀелгаш юккъера хи долуш, дуккха а нахана и хи тоа а тоьуш...


Масех стагана кхаллал бен йоцуш йолу юург, шен беркатца масийтта бӀе стагана тоьуш...


Эмкал шена хьалха сужуде южуш...


Барзо и бакъ Пайхамар хилар дуьйцуш...


Диттан гуьйриг и шех дӀакъаьстича тийжаш...


Дитт цо шена тӀе схьакхайкхича цунна тӀе схьадогӀуш...


Цунна керахь юучо тасбихь доккхуш...


И тӀехволуш тӀулго цуьнга салам луш...


Оццул даккхий белхаш долуш, лераме гӀиллакхашца, сийлахь-веза Пайхамар вара иза!


[Хьехам: Карикатура / Ӏадлан]

Report Page