Фатва 4. Iеламнахана лер

Фатва 4. Iеламнахана лер

Враги Иблиса

Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Пайхамара (cаллаллахIу Iалайхи ва саллам) дийцина, АллахIа элира аьлла: «Сан велица мостагIалла лелийначунна Ас тIом кхайкхийна». ХIара хьадис бух болуш дуй, цунах лууш дерг хIун ду?


Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьмауллахIи ва баракатухI!

Хьадис бух болуш ду, Бухарис 6502 кху лоьмарца дийцина ду, хьадис къудси ду. Къудси хьадис бохург - АллахIа вайн Пайхамарехула схьааьлла дешнаш ду, Къуръан доцуш, Къуръанна юккъе догIуш доцуш, АллахIа аьлла дешнаш ду.

Ткъа хьадисах лууш дерг, АллахIа боху-кх: «Сан велица мостагIалла лелийначунна». Цуьнан велина новкъарло яр ду иза, Iеламнаха ма-аллара. Ткъа новкъарло яр дашца хуьлу, я беш болчу балхаца хуьлу - башхалла яц мухха кепара делахь а, Шен велина новкъарло еш волчунна боху АллахIа, Ша цунна тIом кхайкхийна! Ткъа цхьа а вац АллахIца тIом балур болуш!

- Амма «вели» бохург хIун ду аьлча, гергара бохург ду. Масала, хIара сан вели ву аьлча, хIара сан гергара ву боху маьIна хуьлу цуьнан.

- ТIаккха АллахIа боху «Сан гергарачуьнца мостагIалла лелочунна», цунна новкъарло ечунна Ша тIом кхайкхийна.

- Муха хуьлу тIаккха Делан гергара стагана новкъарло аьлча, хьуна новкъарло хуьлуш долчу хIуманца новкъарло хуьлу-кх цунна а. Вай санна адамаш ма дай уьш. Далла Iибадат дарехь совбовларна цу Делаца йолу юкъаметтиг тоелла церан, вуьшта вай санна адамаш ду, вайна санна харцонах хало хуьлуш, новкъадогIуш. Масала, хьайна стаг луьш хилча, хьайна тIехь харцо юьйцуш хилча, хьайна тIе доцург кхуллуш хилча, ахь ца аьлларг аьлла бохуш хьайна тIе харцонаш кхуллуш хилча, хьайн дешнаш схьа а лоьцуш харцхьа дохуш хилча новкъарло ма хуьлий хьуна, иштта цу хIуманах царна а хуьлу-кх новкъарло. Кхин муьлхха хьайна новкъарло стенах хуьлу дуьстичхьана хуур ду-кх хьуна Делан гергара нахана а цунах новкъарло хуьлий, уьш хьо санна адамаш долу дера. ТIаккха, Делан гергара нахана новкъарло стенах хуьлу, цаьрца мостагIалла леладар бохург хIун ду девзи вайна.

Ткъа муьлш бу и Делан гергара нах аьлча, цу хаттарна жоп вайна АллахIа делла Къуръан чохь. Шен гергара нах муьлш бу дуьйцуш Цо аьлла-кх: «Иман диллина, Шех кхоьруш берш бу». [Сурат: Юнус, аят: 63]

Цунах луушдерг, шаверг а ши хIума шегахь кхочушхилларг Делан гергара стаг ву-кх:

1- Иман диллина хилар, Делах тешаш хилар;

2- Делах кхоьруш хилар.

И ши хIума шегахь кхочушхилларг Делан гергара вуй а билгалдели вайна.

ТIаккха, Делан гергара хила кхочушхила дезаш ши хIума дара. Хьалхара дерг бусалба ву бохуш волучуьнгахь хIорангахь дерг ду, иза Делах тешаш хилар, иман диллина хилар ду, цу юккъе массо бусалба ваха.

ХIинца Делан гергара хила кхин цхьа хIума ду вайна тIеоьшуш, и хIун ду аьлча, Делах кхоьруш хилар ду. Ткъа Делах кхоьруш ву а эр ду хIораммо, ша-ша ву Делах кхоьруш эр ду, ша-шена тоьшалла дийр ду ша Делах кхоьруш ву аьлла, иштта кхечунна тоьшалла дан а тарло, хьенех Делах кхоьруш ву бохуш, амма АллахIа Шен Къуръан чохь Шех кхоьруш бу аьлла тоьшалла дина цхьа нах бу-кх!

Делах кхерар бохург деган Iамал ю, дагчуьра хIума ду, иза АллахI воцчунна хаа йиш йоцуш хIума ду, багахь бохур-м ду хIораммо ша Делах кхоьруш ву, амма и бакъ луьш ву я харц луьш ву вайна хаа йиш яц, иза хууш верг АллахI бен вац, иштта цунна шена а хаьа ша бакъ луьш ву я харц луьш ву. Делахь а, Делах кхоьруш волу стаг дика дерг деш, вон долчух ларлуш хуьлий хаьа вайна, амма юха а ца хаьа вайна, цо ша волчу хенахь хIун леладо, вайна хьалха дика дерг деш, вочух ларлуш, ша волчу хенахь кхидерг хила ма тарло цуьнан хьал. Цундела, къаьсттина цхьана стагана тIе пIелг хьажийна, хьенех Делан гергара стаг ву ала хало хуьлу.

Амма вай гуччехь, къайлаха деш дерг гуш, хууш волчу АллахIа Шен Къуръан чохь тоьшалла дина цхьа нах бу-кх, и нах Шех кхоьруш бу аьлла! ТIаккха цхьа а шеко ца юьсуш билгалдолу-кх вайна и нах Делан гергара нах хилар, нагахь вай Дала бохучух тешаш делахь. Уьш муьлш бу аьлча, Iеламнах бу-кх! АллахIа боху Шен Къуръан чохь: «Баккъалла а, АллахIан лешха Цунах кхоьруш берш Iеламнах бу».

[Сурат: ФатIыр, аят: 28]

Ибн Касийра боху цу аятан тафсир деш: «Баккъалла а, кхера хьакъ ма-хиллара АллахIах кхоьруш берш, АллахI вевзуш болу Iеламнах бу».

Iарбийн мотт ша говза хиларе терра, «кхерар» бохуш долу дош масийтта кепара ду Iарбийн маттахь, цу хIора дешан шен-шен кепара маьIна долу, муьлхха схьадаьккхича а, кхерар бохург хуьлу, делахь а, шен-шен кепара кхерар хуьлу. Масала, «хавф» кхерар бохург ду, адамах кхеравелча ала мега ахь иза, я цхьана кхечух кхеравелча ала мега ахь иза. Амма кху аятехь деана долу дош «хашят» аьлла долу дош ду, ткъа «хашят» бохург, хьой кхоьруш долу хIума ма-дарра довза а девзуш, цуьнан ницкъ, цуьнан эскар, цуьнан дозалла, доккхалла, иштта цунах дерг ма-дарра довза а девзуш кхерар ду. Кху аятехь, Шех кхоьруш берш Iеламнах бу олучу хенахь, АллахIа цу дашца аьлла-кх и!

ТIаккха маьIна муха нисло цуьнан аьлча, АллахIах и вай лакхахь ма-дийццара, оцу кепара АллахIах кхоьруш Iеламнах бен бан бац боху маьIна хуьлу-кх цуьнан!

АллахIах кхоьруш хила йиш ю Iеламстаг воцург а, амма оцу вай лакхахь дийцинчу кепара АллахIах кхоьруш Iеламнах бен цхьа а вац!

ХIинца ойла ехьа, лакхахь вай ма-дийццара хIораммо ша-шена тоьшалла дора, я кхечунна тоьшалла дора, Делах кхоьруш ву бохуш.

Ткъа и вай вовше деш долу тоьшаллаш бакъ хила а, ца хила а тарлуш дара, амма кхузахь Шех кхоьруш берш Iеламнах бу аьлла царна тоьшалла деш верг АллахI ву-кх!

ТIаккха кхунна инкарло ян йиш юй бусалба стага?!

Мелхо, и Iеламнах санна Шех кхоьруш Шен леш бан бац боху АллахIа!

ТIаккха лакхахь хаттарехь долчу хьадисехь бохура: «Сан велица мостагIалла лелийначунна Ас тIом кхайкхийна». МостагIалла леладар бохучух дерг лакхахь дийцира вай. ТIаккха тахана Iеламнахана тIе харцонаш кхуллуш, царна луьш, уьш бехбеш, церан сий дойъуш болчу нахе боху-кх вай, АллахIа шуна тIом кхайкхийна шуна, кийча дуй шу?!

Тахана яьржина цамгар ю Iеламнахана лер, уьш бехбар!

АллахIа Iеламнах санна Шех кхоьруш леш шен бан бац боху, ахь хIан-хIа, Iеламнах Делах кхоьруш бац, цара харцо юьйцу боху?!

Я уьш Делах кхоьруш бац, уьш паччахьех кхоьруш бу боху ахь?!

Я цара бакъдерг дIа ца олу, бакъдерг ала кхоьруш бу уьш боху ахь?!

ТIаккха хьо цIенна АллахIан дош харцдеш, цунна инкарло еш ву-кх! Кхин а хаза дерг ду тахана даьржина, ша Iеламнахана луьш вац бохуш, царна лер! Цхьамма олу, со Iеламнахана луьш вац, делахь а, уьш бакъдерг дIаала баьхьаш бац, я цара жихIад къобал ца до, я бакъдерг олуш берш чубоьхкина бу! Иштта цу кепара дешнаш дуьйцуш, Iеламнахана луьш вац ша олу! Кхин муха лен веза хьо Iеламнахана, иза лер дацахь?!

Кхин муха инкарло ян еза ахь АллахIан аятна, нагахь иза АллахIан аятна инкарло яр дацахь?! АллахIа Шех кхоьруш Шен лешна юккъера Iеламнах бен бан а бац бохура, ткъа ахь бах уьш бакъдерг дIаолуш бац, я бакъдерг ала кхоьруш бу, я жихIад къобалдеш бац, ткъа и дерриг хила йиш юй Делах кхоьруш волчу стагехь?! Дера яц-кх! Ахь цаьргахь иза ду ма боху, цуьнан маьIна ца хуьлу, тIаккха, уьш Делах кхоьруш бац бохург?! ТIаккха хьо АллахIан дашна инкарло еш ца хуьлу?! Аят харцдеш ца хуьлу хьо?!

http://vk.com/wall-23776385_71700




Report Page